Муниципальное учреждение

«Управление дошкольного образования Гудермесского муниципального района»


Официальный сайт

"Ненан мотт-сан деган илли"

25.04.2017

Шен ненан мотт, халъо,

Сий ойбуш, 1алашбахь,

Цу халкъан парг1ато

Цхьаммо а хьошур яц.

 

Жимчохь дуьйна берашка ненан матте марзо кховдор, церан ненан матте безам кхиор, ч1аг1бар 1алало йолуш , Нохчийн меттан денна лерина "Ненан мотт-сан деган илли" ц1е йолу къовсам д1абаьхьира Гуьмса к1оштан берийн бошмашкара берашна юкъахь. Жигара дакъа лецира бераша г1арабевллачу нохчийн поэтийн Ш. Арсанукаевн, М. Мамакаевн, А. Айдамировн и.кх.д1. ненан маттах лаьцна байташ йоьшуш, иллеш олуш, хелхарш деш. Цу къовсамехь хьалхара меттигаш ехира МБДОУ "Детский сад им. Билимханова", МБДОУ "Детский сад N°4 "Вайнах" ц1е йолчу берийн бошмакарчу тобанаша. Шолг1а меттигаш йийкъира МБДОУ "Детский сад N°1 "Шовда", МБДОУ "Детский сад N°2 "Серло", МБДОУ "Детский сад N°3 "Зезаг" ц1е йолчу берийн бошмашкарчу тобанашна.