Муниципальное учреждение
«Управление дошкольного образования Гудермесского муниципального района»
25 апреля - День чеченского языка
25.04.20212007 - чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана оханан беттан 25-гIа де дIакхайкхина Нохчийн меттан де ду аьлла. Оцу дийно йоккха меттиг дIалаьцна Нохчийн Республикан хиламийн дезачу денойн могIарехь. Халкъан юьхь, культура, орам бу мотт. ХIора нохчийчо шен мохк а, халкъ а дезахь, Iамо беза шен ненан мотт. Мамакаев Мохьмада ма аллара: «Шен ненан мотт халкъо сий ойуш Iалашбахь, цу халкъан паргIато цхьаммо а хьошур яц», шен маттаца къоман сий а, паргIато а ларъян еза хIораммо а.