Муниципальное учреждение
«Управление дошкольного образования Гудермесского муниципального района»
День матери
25.11.2016Х1инццалца моьттура- Малхо латтайо лаьтта т1ехь йовхо, Дахаран бух хилла, дог1уш, Ненан дог хиллера догуш!
Дахар деллачу, нохчийн мотт 1амийначу, г1иллакхаш хьоьхучу Нанна хьалха массо а декхарийлахь хилар а хоуьйтуш, хеназа бохамаша къежйинчу, къанйинчу Ненан сий дар, ларар и эшар билгал а доккхуш, Гуьмса к1оштан ишколе даханза долу бераш кхетош-кхиоран урхалло д1адаьхьира берийн бошмашкара белхалой - наной декъалбаран цхьаьнакхетар.
Гуьмса к1оштан ишколе даханза долу бераш кхетош-кхиоран урхаллин куьйгалхочо Джунаидов Саламбека Сираждиевича довхачу дешнашца, грамоташца, зезагашца декъалбира шайн жималла а, могушалла а шайн берийн дуьхьа д1аелла болу, сийлахь наной. Шайн иштта лерам, тидам барах баркаллица б1аьргех хин т1адамаш оьгура нанойн.
Цул т1аьхьа д1аьяьхьира берийн бошмашкарчу белхалоша вовшахтоьхна концертни программа.