Муниципальное учреждение

«Управление дошкольного образования Гудермесского муниципального района»


Официальный сайт

Школазхошна ненан мотт Iаморехь, кхиорехь керла лехамаш

15.06.2023

       Карарчу беттан 15 дийнахь Гуьмсан муниципальни кIоштан Школал хьалхара дешаран урхалло № 9 йолчу «Табарак» берийн бешахь дIайаьхьира Нохчийн меттан шарна лерина республикански семинар «Школазхошна ненан мотт Iаморехь, кхиорехь керла лехамаш». Семинаран Iалашо - нохчийн мотт Iалашбарехь, иза караберзорехь, марзбарехь эвсараллин некъаш билгалбахар, нохчийн маттехула, культурехула, къоман гIиллакхашкахула, Iадаташкахула тIекхуьу чкъор син-оьздангаллица кхетош-кхиор.

       Семинарехь дакъалецира вайн махкахь бевзаш болчу яздархоша Джунаидов Сайд-Ахьмадан Аюба, Борхаджиев Рамзанан Хож-Баудис, Гуьмса кIоштан администрацин куьйгалхочун гIоьнчас Магомадов Юнусан 1абдурахьмана, Нохчийн Республикин Правительствон школе дахаза долчу берийн дешаран комитетан а, республикан массо кIошташкара школал хьалхара дешаран урхаллин говзанчаша а, иштта дIа кхин а.«Сан бакъо йу ненан мотт бийца, амма йац бакъо и хийца» проект кхочушъйеш, Гуьмсан муниципальни кIоштан школал хьалхара дешаран урхаллехь а, берийн бошмашкахь дIабаьхьначу балхах лаьцна дийцира урхаллин куьйгалхочо Джунаидов Сираждин Саламбека а, коьрта говзанчас Абдрахманова Жарадата а. Билгалйехира  тIекхуьучу тIаьхьенна ненан мотт дIакховдо а, гIиллакхе а, оьзда а, ийманехь  йолу къоман кхане кхио а эвсараллин технологиш, некъаш, лехамаш.Хьешаша лаккхара мах хадийра семинаран.