Муниципальное учреждение

«Управление дошкольного образования Гудермесского муниципального района»


Официальный сайт

НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕ

25.04.2023

Лараме махкахой!

 

Даггара декъаладо шу Нохчийн меттан денца!

 

Вайн мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзан Ахматовича д1акхайкхийна 2023 шо - Нохчийн меттан шо хилар! Цхьана а деших, ахчанах эца а, терзанца оза а йиш йоцу хазна йу ненан мотт. Мотт бу - къам ду, мотт бац - къам дац, олуш ду вайнехан. Шен ненан мотт ца хуу стаг даима а йюьхь1аьржа хир ву шен къомана а, кхечу къаьмнашна а хьалха. Х1унда аьлча, цунна йевзар йац къоман синан к1оргалла, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. Цунна хуур дац цо ма-бохху ойлайан, цо ма-хьеххара ваха а. Иза херволу шен къоман г1иллакхех, оьздангаллех, ламастех. Муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, йахь ца хилар, ледара хилар ду, дакъазавалар ду.

Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Ненан мотт хIора къоман а, хIора халкъан а культурин бух хиларе терра, иза мелла а кIорггера дика Iамор а, вайн  т1екхуьучу чкъурана иза хьехар, бовзийтар, марзбар хIоранна а декхар ду.

Дала массо а нохчочун шен ненан мотт бийца лаам а хуьлийла, т1екхуьучу чкъурана иза 1амор т1ехь аьтто а бойла.